Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ Цара шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цІа дІатесира. Ашера-далла лерина болчу дечиган бІогІамна а, цІушна а Іибадат дан буьйлабелира уьш. Церан и бехк бахьана долуш Веза Эла оьгІазвахара ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайман а бахархошна. Цу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дІавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. Дуккха а яхІудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дІабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дІавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Аса Ярушалайм-гІалане а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цІераш а ялош, неІалт алийта. Нах хІинццалц а иштта лела. Со царна туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца тІаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дІа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу.
Выбор основного перевода