Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву». Динан дайша Шабан-ЯхІус, Яшпатис, Натунаила, Іамсайс, Закри-ЯхІус, БенъяхІус, ЭлиІазара Делан тІорказна хьалха турбанаш локхура. Ткъа Іабади-Эдом а, Яхьи-ЯхІу а тІорказ долчохь гІарол деш вара. Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гІирсаш тІехь гІуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гІирс леррина Веза Эла хасто бина бу». Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХІайман, Ядутун, церан кІентий а, вежарий а – тІехь дуткъачу кІадих дина духар а долуш, цІастанан жима негІарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагІа доккхучу кхерчан малхбалехьа агІор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бІе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш. Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гІирсаш лело говзалла ю.
Выбор основного перевода