Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
шайгара Везачу Элана совгІаташ да. Даггара сагІа дала лууш волчу хІора стага Везачу Элана лерина совгІат да: деши а, дети а, цІаста а, Шен даггара сагІа дала лууш долчу хІора адамо – божарша а, зударша а – мІерий а, лергах ухку чІагарш а, мухІарш а, туьтеш а, кхин йолу дашо хІуманаш а яхьара. ХІораммо а дашо совгІат, шатайпа сагІа санна, хьалаойура Везачу Элана. Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхІаронан тІаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дІа а хІиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дІахІиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхІ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дІахІоттаво аша.
Выбор основного перевода