Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Амма пайхамар волчу Гадас Дауде элира: «Хьо хІара лочкъийла йолчохь ма Іе. Вало, ЯхІудан махка дІагІо». Цигара дІа а ваьлла, Дауд дІавахара. Иза Хьарат олуш йолчу хьуьнах кхечира. ТІаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цІенна чохь Іаш ву, ткъа Делан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гІалахь Іаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. Вукху дийнахь Іуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. Делан тІорказ дІахІоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цІийнан кертахь Дауда илланчашна тІехь хьаькамаш хІиттийнера. Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гІирсаш тІехь гІуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гІирс леррина Веза Эла хасто бина бу». Исраилан халкъан Везачу Дала, тІе а дуьллуш, церан дегахула АхІаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цІа чохь гІуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагІ яра церан. Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цІийнан кертахь цІастанан негІаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гІуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХІайман а паччахьан куьйгаллехь вара. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда.
Выбор основного перевода