Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Іабади-Эдом а, цуьнан цІа а декъалдина, Делан деза тІорказ иза волчохь лаьттина дела». ТІаккха Дауда воккхаверца Делан деза тІорказ Іабади-Эдоман цІера Даудан гІала схьадаийтира. Везачу Элан тІорказ Даудан гІалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоІ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира. ТІаккха Дауд-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Цул тІаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Іаш волчу Ярушалайм-гІала шена тІекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цІе йолуш хиллачу Даудан гІалара Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьадаийтархьама. Ткъа хІара ду ЯрбаІам Сулим-паччахьна дуьхьалваларх лаьцна дийцар. Сулим-паччахьо Милло цІе йолу терхийн басенаш меттахІоттаяйтинера. Иштта шен ден Даудан гІалина гонах долу пенаш а тодойтуш хилла иза. ГІала чІагІъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхІус: доьхна долу пенаш а меттахІиттийра, пенашна тІехула бІаьвнаш а хІиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дІахІоттийра, Даудан гІали чу йогІуш йолу Милло цІе йолу терхийн басенаш чІагІ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо.
Выбор основного перевода