Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен дог Делах ца тилийтархьама, шена дукха зударий а ма балабойла цо. Иштта деши а, дети а дукха ма гулдойла цо. Хьевронехь Даудана кІентий бинера. Цуьнан дуьххьарлера кІант Амнан израІалхо йолчу АхьнуІмата вина вара. ШолгІа кІант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигІала вина вара. КхоалгІа кІант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоІа МаІхас вина вара. ВоьалгІа кІант Адан-ЯхІу Хьагата вина вара, пхоьалгІа кІант Шапат-ЯхІу Абиталис вина вара. ЙолхалгІачу кІентан ИтраІаман нана ІагІлат яра, иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялх кІант Хьевронехь вина вара. Уьш берриш а Даудан кІентий бара. ГІарбаш-зударша бина кхин а кІентий бара Даудан. Тамара церан массеран а йиша яра.
Выбор основного перевода