Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе. ВорхІ шараххьий, ялх баттаххьий лаьттира Хьевронехь ЯхІудан тІаьхьенна тІехь Даудан паччахьалла. Дауд-паччахьо Исраил-махкахь паччахьалла дина йолу ерриге а хан шовзткъа шо яра: царах Хьеврон-гІалахь ворхІ шарахь, ткъа Ярушалайм-гІалахь ткъе кхойтта шарахь. Даудан и ялхе а кІант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхІ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира. Ярушалаймехь Дауда ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира. Доьзалийн цІераш дІаязйинчу тептаршка хьаьжжина, Хьевронан тІаьхьенах волу Яри-ЯхІу хьевронхойн баьчча вара. Дауда паччахьалла до шовзткъалгІа шо долуш тептарш толлура. Цу хенахь хьевронхошна юкъахь говза нах карийра ГалІад-махкарчу ЯІзир-гІалахь. Дауд-паччахьо Исраил-махкахь олалла дина хан шовзткъа шо яра. Хьевронехь – ворхІ шарахь, ткъа Ярушалаймехь ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира Дауда. Іийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кІант вара, ткъа Юсуп Іелин кІант вара,
Выбор основного перевода