Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. Шаула Дауд, шена уллора дІа а ваьккхина, шен эзар тІемалочунна тІехь хьаькам хІоттийра, иза массо а адамна хьалха эскарна тІехь куьйгалла деш а вара. Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Веза Эла Ша лерина долу массо а дика сан олахочунна дина ваьлча, Цо иза Исраилан халкъана тІе баьчча вина дІахІоттор ву. Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тІехь Іуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цІа хІунда ца до?’“ Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. Цо иза уьстагІий Іалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Іуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Іалашдайта. Дауда уьш цІеначу дагца Іалашбора, Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура. „Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“»
Выбор основного перевода