Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пІелаштамхой?» – аьлла. Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГІо, пІелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаІила-гІала ахьа кІелхьар а йоккхур ю». Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу».
Выбор основного перевода