Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхІуната шен цІа вахара. ЯхІуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цІенна тІехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тІе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалІадарчу Явешан бахархоша Шаул дІавоьллина аьлла. Абунара Дауде элира: «Со хІинца, хьала а гІаьттина, сайн паччахь волчу дерриг а Исраилан халкъ схьагулдан воллу. Цара хьоьца барт бинчул тІаьхьа, ахьа, хьайна ма-луъу, массарна а тІехь паччахьалла латтор ду». Дауда Абунар маьрша дІавахийтира. ТІаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дІакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара.
Выбор основного перевода