Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гІала олура. Ткъа цигахь Іаш болчу нахах явсайхой олура. ТІаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гІали чу вогІур вац хьо». Амма Дауда дІалецира церан Цийон-гІалин гІап. Оцу меттигах цул тІаьхьа Даудан гІала элира. Дауда аьллера: «Уггар хьалха тІе а летта, явсайхой хІаллакбиннарг тІемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву». ТІаккха Царуятан кІант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тІелетира. Иштта цунах хилира берриг а тІемалойн коьрта хьаькам. Дауд цу чІагІйинчу гІали чохь ваха охьахиира, цундела цу гІаланах «Даудан гІала» элира. Цу гІалина гонах гобаьккхина гІишлош дІахІиттийра Дауда. Уьш дІахІиттийнера Милло олучу гу тІера дуьйна, гІалина гонах долчу пенашна тІе кхаччалц. Ткъа гІалара важа йолу гІишлош Йоаба тІейинера. Даудан ницкъ кхин а хьалаболуш лаьттара, массо а ницкъийн Веза Эла цуьнца хиларна. Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхІудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхІудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Іаш бу Ярушалаймехь. ЯхІудан тІаьхьено Ярушалайм-гІалина дуьхьал тІом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гІала ягийра. Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дІа ца лахкабелира. Уьш хІинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тІаьхьенна юкъахь бехаш бу. Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гІаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тІейоьттина хІума а йолуш ши вир а, цуьнан гІарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гІала схьакхечира (хІинца цу гІалин цІе Ярушалайм ю). Уьш цу гІала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гІали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга».
Выбор основного перевода