Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, Бен-ХІинам цІе йолчу тогІи чухула Явсай-гІалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агІорахула дІа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХІинаман тогІина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогІин йистехь къилбаседехьа а бара. ЮшаІа жоп делира: «Нагахь шаьш дуккха а делахь, Эпрайман лам шайна тоьуш а бацахь, хьаннашка а гІой, перезахойн а, репахойн а лаьтта тІехь шайна меттиг яккха». Юха, ХІинам-тогІина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогІи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гІалин къилбехьарчу агІор ХІинам-тогІи чу дуссура иза, цигара дІа Іейн-РегІал цІе йолчу хьостана тІе доьдура. Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пІелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогІи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Іадулам олучу хьеха чу.
Выбор основного перевода