Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цора-гІалин паччахьо Хьирама геланчаш хьажийна хилла Даудана тІе, цаьрца баганан дечиг а дохьуьйтуш, тІулг буттурш а, дечиган пхьераш а бохуьйтуш, цаьрга Даудана паччахьан цІа дайтархьама. ТІаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чІагІвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чІогІа айинийла а. Ярушалаймехь волуш, Дауда шена кхин а зударий балийра. Кхин а кІентий а, йоІарий а хилира цуьнан. Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, Ибхьар, Эли-ШуІа, Эли-Палати НугІахІи, Непаг, ЯпияІ, Эли-ШамаІ, БаІал-ЯдаІ, Эли-Пулат. ПІелаштамхошна Дауд дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь хила къобалвинийла дІахиъча, уьш берриш а иза лаха арабевлира. Ткъа Дауд, шена и хезча, царна дуьхьалвала аравелира. Ткъа пІелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь нахана тІелетира. ТІаккха Дауда Деле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» – аьлла. Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса уьш хьан кара дІалур бу», – аьлла. Уьш БаІал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пІелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тІедогІучу хино санна, Везачу Эло дІабехира сан мостагІий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаІал-Паруцим аьлла, цІе тиллира (иза «хи тІедаларан олахо» бохург ду). ПІелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цІергахь багабайтира. Юха а пІелаштамхой, баьхкина, тогІи чохь болчу нахана тІелетира. Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, ткъа Дала цунна жоп делира: «Нийсса царна дуьхьал ара ма вала. ТІехьахула тІе а гІой, комарийн дитташ долчу агІор царна тІелата. Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дІавоьдуш санна, гІовгІа хазахь, тІом бан аравала. Цунах хьуна хуур ду, Дела, хьуна хьалха а ваьлла, пІелаштамхойн эскар хІаллакдан воьдийла». Дауда Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочушдира. Цара пІелаштамхойн эскар ГавІон-гІалара дуьйна ГІазар-гІалина тІекхаччалц хІаллакдира. Цора-гІалин паччахь волу Хьирам Дауд-паччахь дийна волчу хенахь цуьнан доттагІа вара. Ткъа хІинца, Дауд-паччахьан метта цуьнан кІант Сулим паччахьалла дарна къобалвина аьлла, шена хезча, Хьирама шен геланчаш бахийтира цунна тІе.
Выбор основного перевода