Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гІала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегІ а, цІий а ду. ДІаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тІамехь исраилхой кІелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Іу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“». ТІаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дІакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара. «Мел дика ду хьо сан цІийх а, синах а волуш!» – элира Лабана Якъубе. Лабан волчохь дийнна баттахь Іийра Якъуб. Шу сан вежарий ду, сан даьІахкаш а, сан дилха а – шу ду. ХІунда гІерта шу паччахь юха цІа валочу хенахь тІаьххьарнаш хила?“ Іамасаига а дІаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тІехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дІа ца хІоттавахь!“»
Выбор основного перевода