Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Абу-Малика, шеца хилла волу къона герз лелориг тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Сихха хьайн тур схьа а даккхий, со вей дІаваккха, нахе: „Абу-Малик зудчо вийна“ – ца бахийта». Цуьнан ялхочо Абу-Маликах шен тур чекхдаьккхира. Иза велира. Шаулна гонах болу тІом чІагІбелира. Къаьсттина чІогІа кхарна ницкъ бора секхаІад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара. Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира.
2. Царств
Выбор основного перевода