Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
ШолгІачу дийнахь Дауд тІелетира царна. Іуьйранна дуьйна царна тІеетта волавелла иза суьйренга велира. Цхьа а кІелхьара ца велира, эмкалшна тІе а хиъна, ведда дІавахана волу виъ бІе жима стаг воцург. Цара дІа мел даьхьна долу рицкъа а схьадаьккхира Дауда, шен ши зуда а йийсарера мукъаяьккхира цо. Церан цхьа а я жиманиг а, я воккханиг а ца вайра. Массо кІант а, йоІ а, дуьненан рицкъа а юхадерзийра Дауда, Іамалекхахоша дІадаьхьна долу. Дауда массо а жима а, доккха а даьхни схьадаьккхира, ткъа цуьнан накъосташа, шайна хьалха а даьхна, дІадигира уьш. Наха бохура: «ХІара Даудан хІонс ю». Дауд ЦакхелагІа юхавеара. Ша тІамехь схьадаьккхинчух дакъа дахьийтира цо ЯхІуд-махкарчу къаной болчу доттагІашна. Цо элира: «ХІара ду шуна Везачу Элан мостагІашкара схьадаьккхинчух долу совгІат». Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кІентех кхо кІант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а.
2. Царств
Выбор основного перевода