Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
ВорхІалгІачу дийнахь малх дІабузале пІелаштамхоша Шамшоне элира: «Мазал мерза хІун ю, лоьмал ницкъ болуш мила ву?» Ткъа Шамшона цаьрга элира: «Сан дуьхьаргана тІехь аша охана деш ца хиллехь, шуна сан хІетал-метал хуур дацара». Іаьржа марха санна, тІегІерташ ву мостагІа. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яІ! Ма хІаллакьхир ду вай!» Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
2. Царств
Выбор основного перевода