Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Яптахь МицІпахь долчу шен цІа юхавирзира. Цунна гира, жиргІа а етташ, эшарш а лоькхуш, хелхарш а деш, дуьхьалйогІуш йолу шен цхьаъ бен йоцу йоІ. Цуьнан кхин я кІант а, я йоІ а дацара. Везачу Эло тІамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагІашна кхочур ду. Мисара юхадахча гІолехь дацара вайна?» ПІелаштамхойн куьйгалхой вовшахкхеттера сакъера а, шайн дела волчу ДагІонна доккха сагІа даккха а. Цара бохура: «Вайн дала Шамшон вайн кара схьавелла». ПІелаштамхой а, шайна Шамшон гича, шайн далла хастамаш бан буьйлабелира: «Вайна юкъара дуккха а нах хІаллакбеш, вайн мохк бассош хилла волу вайн мостагІ вайн дала вайн кара схьавелла». Дауда пІелаштамхо эша а вина, эскархой цІа богІучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гІаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргІанаш а, дечиг-пондарш а дара. Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пІелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дІакхачийра, иштта хаам бира шайн цІуш дІахІиттийна долчу динан цІенош долчу а. Иза Гати-гІалахь дІа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати – «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Іапру олучу юьртахь шайна тІе чан тасалаш (Іапру – «чан» бохург ду).
2. Царств
Выбор основного перевода