Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Уьш чІогІа летира, исраилхой эша а беш. ХІора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цІа вахара. Исраилхой чІогІа эшийра цу тІамехь, ткъе итт эзар гІашло вен а вуьш. Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тІом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІехь чан яра. ТакхоІ-гІалара хьекъал долу зуда паччахь волчу чоьхьаелира. Цунна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаьІира иза. Зудчо элира: «ГІо дехьа суна, паччахь!»
2. Царств
Выбор основного перевода