Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тІера бедарш этІа а яй, шаьш гІайгІане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дІахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тІаьхьахІоьттина воьдуш вара. Паччахь, хьала а гІаьттина, шена тІера бедарш этІа а йина, лаьтта охьавуьйжира. Цуьнан берриге а ялхоша а шайна тІера бедарш этІийра. Аюба, хьала а гІаьттина, шена тІера хІуманаш этІийра. Шен месаш дІа а лергина, голаш тІе а хІоьттина, суждане вахара иза.
2. Царств
Выбор основного перевода