Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Нагахь цІа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цІа чохь волчунна тІе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цІий тхох хьаьрчар ду. Хьанат, чІогІа дог доьхна, йоьлхуш, Везачу Эле доьхуш яра. ТІаьхьо шена цунах лаьцна хиъча, Дауда элира: «Со а, сан паччахьалла а Везачу Элана хьалха цкъа а бехке дацара Неран кІант Абунар валарна. Йоабан а, цуьнан доьзалан а коьрта тІе дужийла и цІий. Цуьнан цІентІахь гуттара а хуьлийла дегІа тІехь ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерг а, Іасанца бен ког ца баккхалуш верг а, туьро чевнаш йина воьжнарг а, мацалла ловш верг а». Нагахь хьо, кху гІалин чуьра ара а ваьлла, Кхидрун-хих дехьа валахь, хьо вуьйр ву, ткъа иза хьан-хьайн бехкенна а хир ду». Адамаша жоп делира: «Цуьнан цІий тхуний, тхан берашний тІехь хуьлийла!» Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дІа ца йиллинчуьра хІума схьаоьцуш а, айса дІа ца дийначуьра ялта хьокхуш а.
2. Царств
Выбор основного перевода