Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Цу стага цуьнга элира: «Со меттаматтера схьавеана. Тахана тІом болчуьра ведда со». Іелас цуьнга хаьттира: «ХІун хилла цигахь, жима къонах?» ПІелаштамхой исраилхошца тІом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаІ олучу лам тІехь дукха хІаллакьхилира. Шаулна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьа а бевлла, пІелаштамхоша цуьнан кІентий ЯхІуната а, Абинадаб а, МалкишаІ а байира. Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кІентех кхо кІант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а. Цхьана стага соьга, ша беанарг хаза кхаъ бу моьттуш, элира: „Шаул велла дІаваьлла“. Амма, цунна совгІат дан дезачохь, аса иза ЦакхелагІахь, схьа а лаьцна, вийра.
2. Царств
Выбор основного перевода