Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Мерарин тІаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гІаланаш. Забулан тайпано дІакъастийра: ЯкхнаІам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, Димна а, цуьнан аренаш а, НахІлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала. Раабанан тайпано елира Бацар-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯхІац-гІала а, цуьнан аренаш а, Кхадимут-гІала а, цуьнан аренаш а, МейпаІат-гІала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Гадин тайпанах болчу наха елира гІаланаш: ГалІад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дІаловчкъу Рамат-гІала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. Кхин а елира Хьешбон-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯІзир-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Мерарин тІаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанийн латтанаш тІера шийтта гІала еллера.
Выбор основного перевода