Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ГІиршанан тІаьхьенна еллера: маннашхойн ахтайпанан лаьтта тІера Башанехь йолу Голан-гІала а, Іаштарат-гІала а, царна гонахара дежийлаш а. Иссарханан тайпанан лаьттара царна еллера Кхедаш а, Дубрат а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, иштта Рамат а, Іанейм а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. Ашаран тайпанан лаьтта тІера царна еллера Машал а, Іабдани а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, иштта Хьукхакх а, Рахьуб а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. Напталан тайпанан лаьттара царна еллера Галилай-махкара Кхедаш-гІала а, Хьамун-гІала а, Кхиръятим-гІала а, царна гонахара дежийлаш а.
Выбор основного перевода