Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
КхахІатан тІаьхье иштта яра: Іамминадаб цуьнан кІант вара. Кхорахь Іамминадабан кІант вара. Асар Кхорахьан кІант вара. Асаран кІант вара Элкхан. Элкханан кІант Аби-Аса хилира. Аби-Асин кІант вара Асар. Асаран кІант вара Тахьат. Тахьатан кІант вара Уриал. Іузи-ЯхІу Уриалан кІант вара. Іузи-ЯхІун кІант Шаул хилла. Элкханан кІентий бара Іамсай а, Ахьимут а. Ахьимутан кІант вара Элкхана. Элкханан кІант вара Цупай. Цупайн кІант вара Нахьати. Нахьатин кІант вара Элиаб. Элиабан кІант вара Ярохьам. Ярохьаман кІант вара Элкхана. Ткъа Элкханан кІант вара Шамъал. Шамъалан кІентий хІорш бара: дуьххьарлерниг – Юал, шолгІаниг – Аби-ЯхІу. Левихоша дІахІоттийра Юалан кІант ХІайман а, цуьнан гергарчарах волчу Берех-ЯхІун кІант Асайп а. Ткъа мерарихойн тукхамах – Кхуша-ЯхІун кІант волу Этан дІахІоттийра. ХІаймана а, Асайпа а, Этана а цІестан негІаршца чІоггІа мукъам бало дезара. Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХІайман, Ядутун, кхиболу, хІораннан а цІе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хІунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. ХІайман а, Ядутун а хІоттийнера турбанашца а, цІастанан негІаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гІирсашца а мукъам балорна тІехь. Ткъа Ядутунан кІентий кевнехь дІахІиттийна бара.
Выбор основного перевода