Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Левихоша дІахІоттийра Юалан кІант ХІайман а, цуьнан гергарчарах волчу Берех-ЯхІун кІант Асайп а. Ткъа мерарихойн тукхамах – Кхуша-ЯхІун кІант волу Этан дІахІоттийра. ХІаймана а, Асайпа а, Этана а цІестан негІаршца чІоггІа мукъам бало дезара. Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХІайман, Ядутун, церан кІентий а, вежарий а – тІехь дуткъачу кІадих дина духар а долуш, цІастанан жима негІарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагІа доккхучу кхерчан малхбалехьа агІор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бІе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш. Илланчаш: Асайпан тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе бархІ стаг (128). Илланчаш: Асайпан тІаьхьенах берш – цхьа бІе шовзткъе бархІ стаг вара (148);
Выбор основного перевода