Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гІаланаш. Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гІала лурбоьлла нах шена чохь дІаловчкъуш яра. Цул сов, ГІазар-гІала а, цуьнан аренаш а елира царна. Кхибцайм-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гІала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гІала яра уьш. Данан тайпано елира гІаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а, Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елларг. Маннашан ах тайпано елира гІаланаш: ТаІнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гІала яра. КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гІала а, церан аренаш а яра. КхахІатхойн оцу гаранах йолчу кхечу тІаьхьенна, кхаж а баьлла, Маннашан ахтайпанан долахь хиллачу декъах итт гІала еллера.
Выбор основного перевода