Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ГІиршанан тІаьхьенах болчу левихошна елира хІара гІаланаш: Маннашан ах тІаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гІала а, цуьнан аренаш а. И гІала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаІаш-Тара-гІала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гІала. Иссарханан тайпано елира гІаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а. Ярмут а, цуьнан аренаш а, Іейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала елира цара. Ашаран тайпано елира гІаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Іабдани а, цуьнан аренаш а. Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елла. Напталан тайпано елира гІаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гІала елира цара. ГІиршанан тІаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонах йолу аренаш а яра.
Выбор основного перевода