Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«Акацих сагІа доккху кхерч бе. Иза беакІов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхала. Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мІерий а, кІора чубухку нойш а. И хІуманаш цІастанах йина хила еза. ЦІастанах цаца бе кхерчана тІебилла. Цецан еа маьІІехь цІастанах цхьацца чІуг е. Кхерчан хІазарна кІел билла и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дІа а нисбеш. Кхерчана акацих хьокхий кечде, царна тІе а цІаста лаца. Хьокхий чІагаршна чу хІиттаде, кхерч дІахьочу хенахь уьш шина агІор хилийта. Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тІехь хьайна ма-гайттара». «Акацих хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бе. Иза беакІов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьІІехь маІаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш. ЦІена деши лаца цунна тІехула а, гонах а, маІашна тІе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца. Серана кІелахь цуьнан шинна а агІор деших ши чІуг е, вукху агІор а е иштта ши чІуг. Кхерч лело хьокхий чекхдаха деза цу чІагарех. Хьокхий а акацих де, тІехула деши а лоцуш. Тоьшаллин тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна сехьа агІор хІоттабе и кхерч. Тоьшаллин тІорказна тІехула къинош дІадахаран негІарна дуьхьал ду иза, Со хьуна дуьхьал хІуттучу меттехь. Цу кхерчана тІехь АхІарона хаза хьожа йогІу хІума ягор ю. ХІора Іуьйранна, къуьданаш цІандечу хенахь, цу кхерчана тІехь хаза хьожа йогІу хІума яго еза АхІарона. Къинна дуьхьал даьккхинчу сагІин цІий а эцна, шарахь цкъа АхІарона оцу кхерчан маІаш тІе хьакха деза и цІий, кхерч цІанбархьама. Шуна тІаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цІанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза».
Выбор основного перевода