Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Кхаж баларца КхахІатан кхечу тІаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гІала кхечира. Ткъа кхахІатхойн тІаьхьенах долчу цхьадолчу тукхамашна Эпрайман тайпанах болчийн гІаланаш еллера. Царна еллера Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а (иза лурбоьлла нах ловчкъу гІала яра), ГІазар-гІала а, церан дежийлаш а. Иштта ЯкхмаІам-гІала а, цунна гонахара дежийлаш а, Байт-Хьорон а, цунна гонахара дежийлаш а, Айлон а, Гати-Римун а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. Маннашхойн ахтайпанан лаьттара кхахІатхойн йисинчу тукхамашна еллера Іанури-гІала а, БалиІам-гІала а, царна гонахара дежийлаш а.
Выбор основного перевода