Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Мерарин тІаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гІала кхечира. Мерарин тІаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гІаланаш. Забулан тайпано дІакъастийра: ЯкхнаІам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, Левихойх йисина йолчу Мерарин тІаьхьенна еллера Забулан тайпанан лаьтта тІера Римун а, Табур а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. Йордан-хина малхбузехьа лаьтташ йолчу Ерихон-гІалина дуьхьал агІор малхбалехьа болчу махкара раабанхойн тайпанан лаьтта тІера еллера яьссачу аренгара Бацар-гІала а, ЯхІац-гІала а, царна гонахара дежийлаш а, Кхадимут а, МейпаІат а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. Гадин тайпанан лаьтта тІера еллера ГалІад-махкара Рамат а, Махьанайм а, царна гонахара дежийлаш а, иштта Хьешбон а, ЯІзир а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
Выбор основного перевода