Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Іамрам бІе ткъе вуьрхІитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кІант вара – АхІарон а, Муса а. АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. «Хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гІуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхІарон а, цуьнан кІентий: Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а хила беза. АхІаронан кІенташа, Надаба а, АбихІус а, хІораммо а богуш болу кІора дІасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цІе а, хаза хьожа йогІу хІума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цІе хийра яра, хІунда аьлча Везачу Эло царна тІе ца диллинера ишттаниг дан. Мусас АхІароне а, цуьнан бисинчу кІенташка, ЭлиІазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цІера тІехь даьккхинчу кІен сагІанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагІа доккхучу кхерчана уллохь дІадаа, хІунда аьлча и сагІа чІогІа деза ду. АхІаронан кІентийн цІераш хІорш ю: дуьххьарлера доьзалхо вара Надаб, цул тІаьхьа бина кІентий бара АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. Уьш яра динан дай хиллачу Далла гІуллакх дан леррина къобалбинчу АхІаронан кІентийн цІераш. Надаб а, АбихІу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цІе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цІе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхІарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиІазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гІуллакх дора. АхІаронан кІентий хІорш бара: Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. Ткъа Надаб а, АбихІу а велира, хІунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цІергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагІа.
Выбор основного перевода