Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Левихойн тІаьхьенах багарбинарш шен гаранашца иштта бара: ГІиршанах бевллера гІиршанхой, КхахІатах – кхахІатхой, Мерарих – мерарихой. Левин кІентий хІорш бара: ГІиршан, КхахІат, Мерари. Иштта Левин кІентий хІорш бара: ГІиршан, КхахІат, Мерари. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда. ТІаккха ЯхІу-ЯдаІа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш дарна тІехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дІахІоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара дІахІиттийнера, Дауда тІе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогІу хІуманаш ягорхьама. Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тІедиллина ма-хиллара, – ткъа и тІедиллар Везачу Элера долу дела – Хьузакх-ЯхІу-паччахьо Везачу Элан цІийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цІастанан жима негІарш а карахь долу левихой дІахІиттийра. Исраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кІанта Сулима а, яз а дина, дІахІоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дІахІитта.
Выбор основного перевода