Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кІант Сулим, сан бІарзанна тІе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дІавига. Цигахь динан дас ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тІехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тІе даьтта а дуттуш. Цул тІаьхьа, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла. И хІума шаьш дина девллачул тІаьхьа юха схьавалаве иза. ТІаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга». ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус, паччахье жоп луш, элира: «Амин! Иштта олийла Везачу Эло, сан паччахь волчу олахочун Дала. Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а». ТІаккха динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус а, кератхоша а, палетхоша а Сулим, Дауд-паччахьан бІарзанна тІе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира. Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» Везачу Эло дуккха а кІентий белла суна. Оцу сан массо а кІенташна юкъара Везачу Эло сан кІант Сулим хаьржина паччахьан метте охьахао Везачу Эло Исраил-махкана тІехь дечу паччахьаллехь. ТІаккха Везачу Элана хьалха чІогІа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ. Цул тІаьхьа Дауд-паччахьан кІант Сулим шозлагІа а паччахь хІотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦІадукъа динан да хилийта къобалвира. ТІаккха шортта хиллачу хьолах, сийлаллех вуьзна, дикка дуьне диъна, хан яьлла стаг волуш дІакхелхира Дауд-паччахь. Цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Сулим.
Выбор основного перевода