Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ша дІакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хІорш ду. Данхоша шайн гІалахь дато цІу дІахІиттийна хилла. Шайн динан да вина дІахІоттийна хилла цара Мусан кІентан ГІиршаман кІант ЯхІуната. ЯхІуната а, цуьнан кІентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дІадиггалц. Іамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Іузиалан а тІаьхьенашна а дара тІедехкина гІуллакхаш. Мусан кІентан ГІиршаман кІант Шубиал хазнаш ларъеш болчийн коьрта тІехьожург вара. ГІиршаман вешин ЭлиІазаран кІант вара Рехьаб-ЯхІу. Рехьаб-ЯхІун кІант вара ЯшаІ-ЯхІу. Цуьнан кІант вара Йорам. Йораман кІант вара Зикра. Зикрин кІант вара Шалумати.
Выбор основного перевода