Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхІароне а, цуьнан кІенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тІорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тІорказна тІетасийта. Цул тІаьхьа цу тІорказна тІе хІордан дийнатийн кІеда тІаьрсиган тІетосург тасийта. Ткъа цунна тІехула сийна бос болу тІергІан кІади а тасий, тІорказан хьокхий шен чІагарех чекхдахийта. Иштта даздина баьпкаш тІехь долчу стоьла тІе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тІе бошхепаш, еш, боганаш, чагІаран сагІанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тІехь. Оцу массо а хІуманна тІехула цІен басахь долу кІади тІедиллийта. Ткъа цу тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган тІетосург тасийта. ТІаккха хьокхий стоьлан чІагарех чекхдахийта. Цул тІаьхьа сийна бос болу тІергІан кІади тасийта серло луш болчу стогарна тІе а, цуьнан къуьданашна а, тукаршна а, богуш берг дІасабахьачу нойшна а, къуьданаш чу дутту даьтта чохь долчу кхабанашна а тІе. И ерриг хІума а, хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу тІе а тасий, дІасакхоьхьучу экханна тІе яхкийтийта. Дашочу кхерчана тІе а тасийта сийна бос болу кІади. Ткъа цу тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу тІе а тасий, кхерчан чІагарех хьокхий чекхдахийта. Делан четар чохь Іамал еш лело къастийна пхьегІаш сийна бос болчу кІадина юккъе дІахьарчае, тІаккха цунна тІехула хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу а йиллий, дІасакхоьхьучу экханна тІе яхкийта. Чуьра юкъ дІа а яккхий, сагІа доккхучу кхерчана тІе а сирла-цІен бос болу кІади тасийта. Цул тІаьхьа кхерчана уллохь Іамал еш лелош йолу ерриг хІума а схьагулъяйта: богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш, мІерий, белаш, боганаш. И ерриге а хІуманаш кхерча тІехь йолчу сирла-цІен бос болчу кІадина тІе яхкийта. ТІаккха оцу хІуманашна тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу а тасий, хьокхий кхерчан чІагарех чекхдахийта. АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза. Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дІакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кІанта Сулима дІахІоттийначу Везачу Элан цІа чохь охьахІоттаде Делан деза тІорказ. ХІинца дуьйна иза дІа а, схьа а лело дезар дац аша. ХІинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гІуллакх де аша.
Выбор основного перевода