Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цу стоьла тІехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде». Нагахь санна пешахь деттина кІен сагІа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тІе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. Нагахь хьан кІен сагІа кхийрачу пхьегІи тІехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. Бепиг дакъошка а декъий, цунна тІе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кІен сагІа ду. Нагахь хьан кІен сагІа ялгІу тІехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кІен демах дина хила деза. «АхІарона а, цуьнан кІенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа иштта хила деза: бархІ кад тоьлла кІен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кІен сагІина лерина, царах ах – Іуьйранна, важа ах – суьйранна. Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегІи тІехь кечдан деза. ТІаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кІен сагІа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. Кхел ечохь а, хІуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хІума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае. «Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш даха. ВорхІалгІачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь». Везачу Эло Мусага элира: «КІен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хІора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. Везачу Элана хьалха гонах цІена деши лаьцначу стоьла тІе шина могІарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. ХІора могІарехь хаза хьожа йогІу сегІаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цІера тІехь доккхучу сагІина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ХІора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу.
Выбор основного перевода