Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тІедиллина ма-хиллара, – ткъа и тІедиллар Везачу Элера долу дела – Хьузакх-ЯхІу-паччахьо Везачу Элан цІийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цІастанан жима негІарш а карахь долу левихой дІахІиттийра. Дауд-паччахьо юкъабаьккхина хилла гІирс карахь болу левихой а, локху турбанаш карахь йолу динан дай а дІахІиттийча, Цигахь Асайпан гергарнаш а бара: ШамІа-ЯхІу, Іазариал, Милали, Гилали, МаьІи, Натунаил, ЯхІуд, Хьанани. Церан карахь Делан стаг волчу Дауда лоькхучу тайпана гІирсаш бара. Царна массарна а хьалхаваьлла воьдуш Іелам стаг волу Іезар а вара. Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гІирсаш лело говзалла ю.
Выбор основного перевода