Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
КхахІат бІе ткъе кхойтта шарахь вехира. Цуьнан кІентий бара Іамрам а, Ицхьар а, Хьеврон а, Іузиал а. Іамрам бІе ткъе вуьрхІитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кІант вара – АхІарон а, Муса а. «Хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гІуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхІарон а, цуьнан кІентий: Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а хила беза. Тоьшаллин тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна сехьа агІор хІоттабе и кхерч. Тоьшаллин тІорказна тІехула къинош дІадахаран негІарна дуьхьал ду иза, Со хьуна дуьхьал хІуттучу меттехь. Цу кхерчана тІехь АхІарона хаза хьожа йогІу хІума ягор ю. ХІора Іуьйранна, къуьданаш цІандечу хенахь, цу кхерчана тІехь хаза хьожа йогІу хІума яго еза АхІарона. Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тІехь яго еза цо хаза хьожа йогІу хІума. ТІейогІу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза. Цу кхерча тІехь кхин йолу хІума ма ягае, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш ма даха цу тІехь, иштта, чагІаран сагІа ма дитта цу тІе. Къинна дуьхьал даьккхинчу сагІин цІий а эцна, шарахь цкъа АхІарона оцу кхерчан маІаш тІе хьакха деза и цІий, кхерч цІанбархьама. Шуна тІаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цІанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза». Цул тІаьхьа левихой болу динан дай тІебахка беза, хІунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гІуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гІуллакх дайта а, Везачу Элан цІарах декъалдарш дайта а. Цхьа а шен лаамца хІуттур вац динан коьрта да. Дала тІекхайкхина хила веза иза, АхІарон санна.
Выбор основного перевода