Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тІехь оьгІазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу». «Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхІаронна хьалха дІахІиттабе, цаьрга цунна гІуллакх дайтархьама. АхІаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегІаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІало и левихой. Исраилан тІаьхьенах уьш леррина АхІаронан кара дІабелларш бу. ЯІриш-ЯхІу, Эли-ЯхІу, Зикра бара Ярохьаман кІентий.
Выбор основного перевода