Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ицхьаран тІаьхьенах болу Ханан-ЯхІу а, цуьнан кІентий а билгалбехира Делан цІийнан арахьара гІуллакхаш дан. Уьш исраилхошна тІехь сардалш а, кхелахой а бара. Деза кира лелош волу кхузткъе итт эзар стаг а, лаьмнашкахь тІулг схьабоккхуш волу везткъа эзар стаг а, царна тІехьожуш волу кхо эзар ялх бІе хьаькам а вара цуьнан. Царах кхузткъе итт эзар кира лелорхо а, везткъа эзар лаьмнашкара тІулг баккхархо а, и халкъ балхана тІедерзадайта кхо эзар ялх бІе тІехьожуш волу стаг а билгалваьккхира Сулима. Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гІалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гІуллакхашка дІахІиттийра ЯхІушаптис. Левихоша куьйгалла дора кира лелочарна тІехь а, кхиболу белхаш беш болчу берриге а белхалошна тІехь а. Иштта левихошна юкъара бара йозанчаш а, тІехьожу куьйгалхой а, кевнашкахь гІарол дийраш а. Ярушалаймехь лаьттачу Делан цІа долчу шаьш схьадаьхкина шолгІачу шеран шолгІачу баттахь Шалтаалан кІанта Зурбабела а, ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а болх дІаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тІехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цІа дечу белхалошна тІехь куьйгалла латтадайта. ЮшаІ а, цуьнан вежарий а, кІентий а, иштта Кхадмиал а, цуьнан кІентий а (уьш ХІудав-ЯхІух схьабевллера) бара Делан цІенна тІехь беш болчу балхана тІехь куьйгалла деш. Иштта цаьрца бара левихой болу Хьенидадан кІентий а, церан вежарий а, кІентий а.
Выбор основного перевода