Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цІарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гІуллакхаш. Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гІуллакхех лаций дІадийца. Дозалла де Цуьнан езачу цІарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла! Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гІерта. Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гІуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а, ва Шен ялхо волчу ИбрахІиман хІу дерш, Ша хаьржина волчу Якъубан тІаьхьенах дерш. Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю. Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тІаьхьенашна Ша делла дош, ИбрахІимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чІагІо йина долу ваІда. Цо Якъубана иза чІагІдира парз санна, Исраилана – гуттаренна а болу барт санна. Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаІанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду». Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кІезиг а болуш, уьш махкахь тІебаьхкина Іаш хилла. Уьш дІаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу. Дала цхьанна а пурба ца лора уьш бацабайта, церан дуьхьа Цо паччахьашка дІахьедар дора: «Ас къобалбинчарах дІа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
Выбор основного перевода