Цо, халкъах дага а ваьлла, Везачу Элана лерина назманчаш дІахІиттийра, уьш карахь герз долчарна хьалха а бовлийтина, шайна тІехь деза духарш а долу, хастамаш а беш, цаьрга алийтархьама: «Баркалла ала Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!»
Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гІойша.