Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Элан тІорказ, схьа а деана, Дауда хІоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира. Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш даьхна ваьллачул тІаьхьа, Дауда массо а ницкъийн Везачу Элан цІарах халкъ декъалдира. Массо а исраилхочунна, божаршна санна зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Іаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Іаьвдинчу кишмийн цхьацца курс а кховдийра. Адам шен-шен цІа дахара. «Даудан гІалахь» шена цІенош дайтира Дауда. ТІаккха цо, Делан тІорказ дІахІотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дІахІоттийра.
Выбор основного перевода