Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Амма Ибраман зуда Сарет дІайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирІунна а, цуьнан чохь болчарна а тІе. Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гІенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хІунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю». Кхана пирІун волчу гІо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дІахІотта, шех лаьхьа хилла Іаса хьайн буйна а лаций. Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Іебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дІаала: ‘ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Іибадат дайта. ХІинццалц ахь ла ца доьгІна Цуьнга. Везачу Эло боху, хІинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хІара Іаса Нил-хи тІе тухур ю, цу хих тІаккха цІий хир ду. Хи чуьра чІара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогІур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“».
Выбор основного перевода