Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа ас элира: «ХІара бу сан бала: Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар». Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Іаламаташ дар, иштта ЦоІан-кІоштахь царна тамашийна гІуллакхаш гайтар. Мисархойн хиш Цо цІийх хьаладуьзира, цаьрга хи ца малийтархьама. Царна тІе жІаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дІакхаллийтархьама, иштта пхьидарчий а тІехийцира, уьш хІаллакбайтархьама. Церан ялта цо цаьпцалгашна дІаделира, иштта церан кхаш цІазана дІаделира. Церан кемсашна тІе къора туьйхира Цо, церан инжиран дитташ а шаца хІаллакдира. Церан дохнна Цо къора туьйхира, церан бажа стелахаьштигна дІабелира. Шен оьгІазаллин цІе хьажийра Цо царна тІе, хІаллакдаран геланчийн жІуга санна, дералла а, эргІаддалар а, халонаш а йоуьйтуш. Цо Шен оьгІазаллина некъ баьккхира, цхьа а стаг Іожаллех кІелхьар а ца ваьккхира, церан дахар Іожаллин уьнна дІаделира. Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хІаллакбира. Шен халкъ Цо, жа санна, арадаьккхира, Цо уьш, уьстагІий санна, яьссачу аренгахула дуьгура. Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира, ткъа церан мостагІий хІордо къайлабехира. Халкъ схьадалийра Цо Шен дезачу лаьтта тІе, аьтту куьйгаца Ша баьккхинчу лаьмнийн махка тІе. Хийра халкъаш царна хьалхара дІалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дІа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хІусамаш чохь даха хаийра Цо. Амма уьш Дела зуьйш дІабуьйлабелира, Везачу Воккхачунна дуьхьалгІевттира, Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара. Шайн дай санна, уьш а Делах дІабирзира, иштта тешаме боцуш а лелара. Уьш харц секхаІад санна хилира. Шайн сагІа доккхучу гунашца Иза оьгІазъоьхуьйтура, шайн цІушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура. Уьш Шена дІахезча, Дела оьгІазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дІатоттура. Цо йитира Шилунера Шен хІусам, Ша адамашна юкъахь Іийна долу четар. Шеца бинчу бертан тІорказ Цо йийсаре дІаделира, Шен сийлаллин билгало мостагІийн кара дІаелира. Цо туьран кара дІаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгІазвахара. ЦІеро церан къона божарий дІакхоллура, зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура. Церан динан дай туьро хІаллакбора, ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура. Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна. Цо Шен мостагІий юхаберзийтира, царна тІе даима эхь а даийтира. Юсупан тІаьхье дІатеттира Цо, Эпрайман тайпа а ца хаьржира. ЯхІудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира. Суна дагадогІу дІаихна денош, Хьан массо а гІуллакхех ойла йо ас, Хьан куьйгаша динарг дагалоцу ас.
Выбор основного перевода