Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Керла йиш лакха Везачу Элана, дерриг а дуьнено лакха Цунна. Эшарш лакха Везачу Элана, хастам бе Цуьнан цІарна! Де дийне мел дели, Цуьнан кІелхьардахар кхайкхаде. Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дІакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дІадийца. Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза. Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цІуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина. Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цІа ницкъах а, сийлаллех а дуьзна ду. Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша! Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагІанаш а дахьаш, Цуьнан цІийнан керта дуьйлийша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гІойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чІогІа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь». Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХІордо а, цунна чохь мел долчу хІумано а гІовгІа е! Кхаш а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хила. Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хила Далла хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю.
Выбор основного перевода