Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тІорказна хьалха гІуллакх дан дІахІиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доІанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. Царах коьртаниг Асайп вара, шолгІаниг вара Закри-ЯхІу, цул тІаьхьа бара ЯІиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхІу, Элиаб, БенъяхІу, Іабади-Эдом, ЯІиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дІахІиттийра. Асайп дІахІоттийнера цІастанан жима негІарш вовшехдетта. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда.
Выбор основного перевода