Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цигахь шайн тІаьхьенашца гІуллакх динарш хІорш бара: кхахІатхойн тІаьхьенах зурманча вара ХІайман. Иза Юалан кІант вара, ткъа Шамъалан кІант вара Юал. Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Асайпан кІентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхІу, Асар-Эла. Асайпан кІенташа цуьнан куьйгаллехь гІуллакх дора, ткъа Асайпа – паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора. Ядутунан кІентех вара: Гадал-ЯхІу, Зари, ЯшаІ-ЯхІу, ШамаІи, Хьашби-ЯхІу, Маттит-ЯхІу. Уьш ялх кІант вара. Царна тІехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш. ХІайманан кІентех вара: Букъи-ЯхІу, Матан-ЯхІу, Іузиал, Шубиал, Еримати, Хьанан-ЯхІу, Хьанани, Эли-Ата, Гидалти, Румамти-Іезар, Йошбикхаша, Малути, ХІутир, Махьзиут. Хиндерг гуш волчу а, Делера хаамаш нуьцкъала беш волчу а паччахьан пайхамаран ХІайманан кІентий бара уьш берриш а. Вейтта кІант а, кхо йоІ а еллера Дала ХІайманна. Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цІийнан кертахь цІастанан негІаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гІуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХІайман а паччахьан куьйгаллехь вара. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. Цо, халкъах дага а ваьлла, Везачу Элана лерина назманчаш дІахІиттийра, уьш карахь герз долчарна хьалха а бовлийтина, шайна тІехь деза духарш а долу, хастамаш а беш, цаьрга алийтархьама: «Баркалла ала Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!» Хастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дІаолура: «Веза Эла ма дика ву, массо а ханна бу Исраилан халкъе болу Цуьнан хедар боцу безам». Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хІунда аьлча Делан цІийнан бух боьттина баьллера. синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагІанаш Сан деза цІа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас хІокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода