Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Массо а исраилхочунна, божаршна санна зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Іаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Іаьвдинчу кишмийн цхьацца курс а кховдийра. Адам шен-шен цІа дахара. Шен цІа декъалдан дагахь Дауд шен чу веача, Шаулан йоІа Михулас, кхунна дуьхьал а яьлла, элира: «Ма билгалвели тахана Исраилан паччахь, шен ялхойн гІарбашашна хьалхахь верзина а ваьлла, пайда боцуш волу стаг верзина ма-валлара!»
Выбор основного перевода